Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Кхаьънаш ма эца, хІунда аьлча цара са гуш верг бІаьрзе во, бакъболчеран гІуллакх талхадо. Дерриг а дети а, деши а, цІестан а, аьчка а пхьегІаш а дІакъастае Везачу Элана. Уьш Цуьнан хазни чохь хир ю». Иштта ду харцонца шена са лоьхуш мел волчун некъаш: и са шена йоккхуш волу хІора а стаг шен дахарх вер ву. Нийсонца а лелаш, бакъдерг дуьйцург а, харцо а лелийна, стагера хІума ца йоккхург а, кхаъ эцарх шен куьг лардийриг а, адам ден барт беш ца хазийта лергаш дІакъовлуш верг а, зулам деш ца гайта бІаьргаш дІакъовлуш верг а ву – Шайн хьал совдаккха луурш зуьйш ма бу. Дукха сонтачу а, зуламечу а лаамийн речІано лоцу уьш. Оцу хІуманаша уьш дакъаза а боху, хІаллак а бо.
Выбор основного перевода