Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Паччахьан ваьІначу ялхойх цхьаъ волчу Хьарбуна элира: «ХІаманан цІенна уллохь лаьтташ, шовзткъе итт дол лекха а болуш, бІогІам бу. Иза ХІамана паччахь воьчуьра кІелхьарваьккхина волу Мардахай ирхъолла хІоттийна бу». ТІаккха паччахьо элира: «ХІаман цу бІогІам тІехь ирхъолла!» Байлахь бисинчеран Да а волу, бисина Іачу зударшкахьа ГІодоккхург а волу Дела ву Ша къастийна долчу Шен дезачу цІа чохь. Цхьа бисинарш а Дала хІусамаш чу дІатарбо. Тутмакхаш а Дала буржалех паргІатбоху. Ткъа Цунна муьтІахь боцурш яьссачу екъачу арахь ма буьсу. амма Іеса нах лаьтта тІера дІахадор бу, Далла тешаме боцурш орамашца цу тІера дІабохур бу. Іесачу нахана тІе бохам беанчул тІаьхьа уьш кхин бац, амма дикачу нехан цІа чІогІа лаьттар ду. Ширачу заманахь баьккхина шу цкъа а меттах ма баккха, боберийн кха а схьа ма даккха, Ткъа шу, кегийнаш, тхьамданийн лаамехь хила. Вовшашна муьтІахь а долуш де гІуллакх, хІунда аьлча: «Дела курачарна дуьхьал ву, амма ша кІезиг хеташ Іаш болчарна Шен дика ло Цо».
Выбор основного перевода