Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Хьуьлла вогІу хІара гІенаш гуш верг! – элира цара. – Вен а вийна, гІуна чу кхосса веза вай иза, цІахь иза экхано виъна эр ду вай. ТІаккха хуур ду вайна цуьнан гІенех хІун хуьлу». Везачу Элана ца дезаш ялх хІума ду, аьлча а, ворхІ ду Цунна дегаза хетарг: кура бІаьргаш а, харцдерг дуьйцу мотт а, бехк боцучун цІий Іенош долу куьйгаш а, шена чохь вон дагалецамаш болу дог а, вочу хІуманна тІебовда кийча болу когаш а, кхел ечу хенахь аьшпаш буьттуш волу харцтеш а, вежаршна юкъахь дов латтош волу стаг а. Тамехь долу къамел алхашна чуьра моз санна ду, иза стеган дагна мерза ду, ткъа цуьнан даьІахкашна дарбане а ду.
Выбор основного перевода