Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Далла ца го те сан некъаш, массо а сан гІулч Цо ягар ца йо те? Везачу Элан бІаьргаш адаман некъаш тІехь ду, Цунна адамо мел боккху ког а го. Ша охьахиъна Іаш волчу сийлаллин гІанта тІера лаьттахь дехаш долчу массо а адамашка охьахьоьжуш ву Иза. Везачу Элан бІаьргашна хьалха лаьтташ ду стеган некъаш, адамо мел бо некъ толлу Цо. Цара мел деш дерг Суна гуш ду. Цаьрга цхьа а хІума Сох къайладаккхалур дац, церан къинош Сан бІаьргаш хьалха лаьтташ ду. КІеззиг болх бен ца болийна де хьанна дегаза хетар ду те? Зурбабелан карахь санисбийриг шайна гича, нах самукъадаьлла хир бу. Ткъа хІокху ворхІ чиркхах лаьцна аьлча, уьш Везачу Элан бІаьргаш бу, массо а лаьттахула хьоьжуш болу». Чохь са долу хІума цхьа а яц Делах къайлаяьлла, дерриг а ша ма-дарра схьадиллина ду Цуьнан бІаьргашна хьалха. Цунна жоп лур ду вай.
Выбор основного перевода