Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Амма Везачу Эло Шамъале элира: «Хьо цуьнан куьце а, цуьнан лекха хиларе а ма хьежа. Иза вац Аса хаьржинарг. Со адам санна ца хьожу стаге, хІунда аьлча адамаш стеган юьхье хьожу, ткъа Веза Эла цуьнан даге хьожу». доьху Хьоьга, Хьо Іаш волчу стигалахь, церан доІа дІа а хазий, царна геч а дехьа, гІо а дехьа. ХІора стагана а, цуьнан гІуллакхашка хьаьжжина, цунна доггІург дІалохьа, хІунда аьлча Хьуна цхьанна девза адамийн дегнаш. Эхарт Далла хьалха дерзина а ду, талхаран меттиган кхалор а яц. Адамийн хьекъал а девза Хьуна, дегнаш а чекх го Хьуна, тхан бакъволу Дела. Зуламхойн зенаш а сацадехьа Ахь, ткъа Хьайн лаамехь берш чІагІ а бехьа. Со стигала хьалаваьлча – цигахь а Хьо ма ву. Эхарте со кхаьчча – цигахь а Хьо ма ву. Амма Іийсас Ша цхьанна а кІорггера ца вовзуьйтура, хІунда аьлча Цунна уьш берриш бевзаш а бара, церан дегнаш гуш а дара. Цундела Іийсага цхьана а адамах лаьцна тоьшаллаш дан оьшуш дацара. Цунна Шена хаьара адамна чохь дерг.
Выбор основного перевода