Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
qac Уqac*ллора дІа ма волу Веза Эла зуламаш дечарна, Лаьттара царах лаьцна долу массо а хІума дІадайархьама. ДоІанаш а деш, аша куьйгаш кхийдочу хенахь Аса шух Сайн бІаьргаш дІакъовлу, шайн доІанаш аша алсамдаьхча, Суна ца хеза, хІунда аьлча шун куьйгаш цІийх дуьзна ду. Къинош летийначаьрга Дала ла ца дугІий хаьа вайна. Амма Шех кхоьруш волчуьнга а, Шен лаам кхочушбеш волчуьнга а Дала ладугІу. Шайгара даьллачу къинойх лаьцна даре а деш, вовшех лаций доІа де, шайна гІоле хилийта: Делан лаамехь волчо динчу доІано дуккха а дан тарло, цуьнгахула ницкъ баларна.
Выбор основного перевода