Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Эпраймхоша ГадІан чІогІа бехке веш вара. Цара цуьнга бохура: «ХІунда дина ахьа иза? Стенна ца хаийтира ахьа тхоьга, хьо маданхошца тІом бан воьдуш?» ГадІана царна жоп делира: «Ас лелийнарг аша лелийначуьнца муха дустур ду? Абу-Іезаран тІаьхьено хьалха диначул а, эпраймхоша тІаьхьо кхочушдинарг деза ма ду! Шун кара дІабелла Дала маданхойн баьччанаш Іораб а, Зиаб а. Цундела шун кхиам боккхо бу. Аша динчуьнга хьаьжча, хІун далур дара соьга?» ГадІана бохург шайна хезча, эпраймхой, хьалха санна, оьгІазлонаш еш бацара. Амма Набала Даудан ялхошка реза воцуш жоп делира: «Дауд мила ву? Мила ву Юшайн кІант? ТІаьхьарчу хенахь дукха лай бевлла, шайн олахойх уьдуш болу. УьстагІий лоргуш болчарна аса кечдина долу бепиг а, хи а, жижиг а дІадала деза те аса сайна мичара бевлла а ца хууш болчу нахана?!» Дауда бахийтина болчара, шаьш дІабаханчу новкъахула юха а баьхкина, шайна хезна долу дешнаш Дауде дІадийцира. ТІаккха Дауда шен нахе элира: «ХІораммо а шен юкъах тур дІадехка». Массара а шайн юкъах герз дихкира. Дауда а дІадихкира шен юкъах тур. Виъ бІе стаг Даудана тІаьхьахІоьттира, ткъа ши бІе стаг шаьш схьаеана йолчу хІуманашна уллохь сецира. Цуьнан когаш хьалха охьа а йоьжна, цо элира: «Сан эла, бехк суна тІехь хуьлийла! Хьан лай ерг хьайга йистхилийтахьара ахьа, соьга ла а догІахьара. Сан олахо, Набал боху и вон стаг, тергал а ца веш, витахьара ахьа. Шен цІе иштта хиларе терра – ша а ма ву иза. Цуьнан цІе, Набал, „Іовдал“ бохучух терра ю, ткъа, бакъдерг аьлча, и Іовдалалла цуьнца ю. Ткъа хьан лай йолчу суна ахьа бахкийтина болу хьан ялхой ца гина. Паччахьо халкъе дера жоп делира. Къаноша шена дина хьехар дІа а теттина, кегийрхоша шена динчу хьехаре хьаьжжина, РахьбуІама халкъе элира: «Сан дас шун коча деза дукъ диллинера, ткъа аса и дукъ кхин а даздийр ду. Сан дас шед еттарца таІзар дора шуна, ткъа аса, сту лоцучу гезго къовзош санна хетадолуьйтуш, таІзар дийр ду шуна». Иштта паччахьо ла ца дуьйгІира халкъо шега бохучуьнга, хІунда аьлча иза Везачу Эло нисдинера, Ша НабатІан кІанте ЯрбаІаме шилунхо волчу АхьъяхІугахула аьлларг кхочушхилийтархьама. Массо а исраилхоша, паччахьо шайга ла ца дугІийла гича, паччахье элира: «Вай Даудан цІийнах схьадевлла ма дац! Юшайн кІентан цІийнаца доьзна ма дац вай! Цундела шайн-шайн цІа дерза шу, исраилхой. Даудан кІанта ша дойла шен цІентІехь олалла!» Иштта исраилхой шайн-шайн цІа дІасабахара. Дикачу наха шаьш жоп далале ойла йо, амма Іесачу нехан багара вониг долу.
Выбор основного перевода