Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло Мусага элира: «ДІаала АхІароне, шен Іаса карахь йолу куьг дерриг а хиш тІехула а, Іаьмнашна а, шена чохь хи долчу меттигашна а тІехула лаца алий. Хих цІий хир ду. Берриг а Мисар-махкахь ур-атталла дечиган а, тІулган а пхьегІаш чохь хина метта цІий хир ду». Везачу Эло тІе-ма-диллара, гІуллакх кхочушдира Мусас а, АхІарона а. Шен Іаса хьала а айина, пирІунан а, цуьнан уллорачеран а бІаьргашна хьалха Нил-хи тІе туьйхира АхІарона. Дерриг а хих цІий хилира. Хи чуьра чІерий а делира, хи а телхира. Мисархошка иза мала ца лора. Берриг а Мисар-махкахь хинан метта цІий дара. Со хьуна дуьхьалваьлла, Бавел! Хьо дерриг а дуьне хІаллакдеш болу лам санна ю, цундела Ас хьуна тІе Сайн куьг хьур ду, хьо терхеш тІера лаьтта охьа а кхуссуш. Хьо багийна болу лам хир бу. Цу шиннан карахь ду, Делера болу хаам шаьш дІакхайкхочу деношкахь лаьтта тІе догІа ца даийтархьама, стигал дІакъовлар. Иштта цу шиннан долахь ду хиш – церан олаллехь ду царах цІий дар. Церан бакъо ю, шайна мосазза лии, муьлхха а тайпана долу ун Лаьттахь дІасадаржо.
Выбор основного перевода