Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Юха Везачу Эло Мусага элира: «Хьайн куьг стигала кховдаде, тІаккха берриг а Мисар-махкахь буькъа бода хІуттур бу». Мусас шен куьг стигала кховдийча, Мисарахь кхаа дийнахь буькъа бода хІоьттира. Вовшийн ган а ца гуш, шаьш Іачуьра хьала а ца гІовттуш кхо де даьккхира наха, ткъа исраилхойн цІенош долчохь серло яра. Стигаларчу седарчаша а, седарчийн тобанаша а шайгара серло лур яц. Ша хьалагІоттуш, малх кхоьлина хир бу, батто а шен серло лур яц. Хьо дІабайича, Ас стигалш а дІакъовлур ю, седарчий а кхолуьйтур ду, мархашца малх а дІакъовлур бу, батто а шен серло лур яц. Стигалара массо а серло луш йолу хІума Ас дІакъовлур ю, тІаккха дерриг а хьан лаьтта тІехь бода хІуттур бу». Иштта боху Хьалдолчу Эло. Царна хьалха латта дегадо, стигал лестайо, малххий, буттий кхулу, седарчаша схьалуш йолу серло а дІайолу. Малхах бода хир бу, баттах цІий хир ду, Везачу Элан де тІекхачале. Иза сийлахь а, къемате а ду. «Цу баланийн денош чекх ма девллинехь, малх кхулур бу, батто а серло лур яц, стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю. «Амма оцу деношкахь, и баланаш тІехІоьттинчул тІаьхьа, „малх кхулур бу, батто а серло лур яц, стигалара седарчий а охьаоьгур ду, стигалийн нуьцкъалалла а леста йолалур ю“». «Малха тІехь, батта тІехь, седарчаш тІехь тамашийна билгалонаш гур ю шуна. Ловзабаьллачу хІордан тулгІенийн гІовгІано кхерийна халкъаш дуьнен чохь сингаттамехь хир ду. Суна гира Іахаро йолхалгІа мухІар дІадоккхуш. ТІаккха чІогІа мохк бегийра. Малх а, Іаьржачу тІергІан духар тІедуьйхича санна, кхоьлира. Стигалара бутт а, цІий санна, цІийбелира. ЦІеххьана баьллачу чехкачу мохо инжиран дитташна тІера хилаза долу церан стоьмаш эгош санна, стигалара седарчий а Лаьтта тІе охьаийгира.
Выбор основного перевода