Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
КхозлагІчу дийнахь лома тІе юькъа марха йоьссира. Къекъаш стигал а яра, серладуьйлуш стелахаьштигаш а дара, хезаш уьстагІан маІан вуно онда аз а дара. Меттамотт болчохь долу адам чІогІа кхераделира. Мусас халкъ, меттаматтара ара а даьккхина, ламанна кІел Делаца цхьаьнакхета дІадигира. Уьш ламанан кІажехь дІахІиттира. Берриг а Синай-лам кІуьро дІалаьцнера, Веза Эла цІергахь шена тІе воьссина дела. ЧІогІа бегош болчу цу ломах, пешара санна, кІур хьалаоьхура. УьстагІан маІан аз тІаьхь-тІаьхьа чІагІлуш дара. Мусас къамел дора, Дела цунна дуьхьал стигал къовкъарехь вистхуьлура. Везачу Элана хьалха болчу сагІа доккхучу кхерча тІера богуш болчу кІоранах юьззина ной а, ши кана юьззина кегийра аьтта долу хаза хьожа йогІу сегІаз а, схьа а эцна, кирхьанна тІехьа йолчу уггар езачу чоьнна чухьур ду АхІарона. Мусас АхІароне элира: «Хьайн ной схьа а эцна, цу чу хаза хьожа йогІу сегІаз а, кхерча чуьра богуш болу кІора а биллина, сихонца халкъана тІе а вахана, ахьа царна тІера къинош дІадахаран Іадат кхочушдан деза, хІунда аьлча Везачу Элера оьгІазло схьаяьлла, халкъана цамгаран ун кхетийтина». Цунна хьалха цІе йоьдуш а ю, ткъа Цунна гонах мел болу мостагІий оцу цІаро дІакхоллуш а бу. Цуьнан стелахаьштиго дерриг а дуьне серладоккху. Хьежа а хьоьжуш, латта дегош ду. Дуткъачу кІадинан бедарш йолчу стаге Везачу Эло элира: «Каруб-маликашна бухахь йолчу хьийзачу чкъургашна юккъехула чекх а валий, канаш юззий, каруб-маликашна юкъара догуш долу кІегий схьа а эций, уьш гІалина тІе дІасакхисса». Со хьоьжучу хенахь и стаг дІавахара. Цу Іаршах схьадетташ стелахаьштиг а дара, схьахезаш аьзнаш а дара, серладуьйлуш детташ ткъес а дара. ГІантана хьалха богуш ворхІ къуьда бара. Уьш Делан ворхІ Са ду. Суна гира Іахаро йолхалгІа мухІар дІадоккхуш. ТІаккха чІогІа мохк бегийра. Малх а, Іаьржачу тІергІан духар тІедуьйхича санна, кхоьлира. Стигалара бутт а, цІий санна, цІийбелира.
Выбор основного перевода