Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Мусас шен Іаса стигала хьалахьажийра. Везачу Эло, стигал а къовкъийна, къора туьйхира. Лаьттах детталуш стелахаьштигаш дара, серладуьйлуш. Берриг а Мисар-махкана тІе къора туьйхира Везачу Эло. Къора яра схьайогІуш, цунна юккъехула лепаш стелахаьштигаш а дара. Мисар-махка тІе адам даха хиъначхьана ца хилла йолу чІогІа къора яра иза. Арахь дерг адамна тІера даьхнина тІе кхаччалц хІаллакдира къорано, буц а дІаяьккхира, дитташ а кегдира. Исраилхойх бевдда, Байт-Хьорон-лам тІера эмархой чубевдда боьлхучу хенахь, Везачу Эло стигалара даккхийчу буьртигех йолу къора йиттира царна тІе, Іазекхи уьш дІакхаччалц. Оцу къоран буьртигаша байинарш алсамо бара, исраилхоша шайн таррашца байиначарал. Дукха къегаш хиларна, Цунна хьалхара Іаьржа мархаш сихха дІасаевлира, къора а туьйхира, догуш долу кІегий серла а девлира. Ас цунна таІзар дийр ду уьнца а, цІийца а. Ас цунна а, цуьнан эскарна а, иштта цуьнца цхьаьна долчу дуккха а къаьмнашна а тІе массо а хІума къайладоккхуш долу догІа доуьйтур ду, къора а тухуьйтур ю, цІе а, саьмгал а хьажор ду Ас цунна тІе. Цхьана а бацана, цхьана а ораматна, цхьана а диттана зен ма делаш, элира цу цІазе. Ткъа шайн хьаьжнаш тІе Делан мухІарш тоьхна доцучу адамашна зен дан могуьйту шуна.
Выбор основного перевода