Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
«Акацих хаза хьожа йогІу хІума яго кхерч бе. Иза беакІов хила беза, цхьа дол беха а, цхьа дол шуьйра а, ши дол лекха а болуш. Кхерчан еа маьІІехь маІаш хила еза, кхерчаца цхьаьнахоттаелла а йолуш. ЦІена деши лаца цунна тІехула а, гонах а, маІашна тІе а. Кхерчана гонах дашо сара лаца. Мусас АхІароне элира: «Хьайн ной схьа а эцна, цу чу хаза хьожа йогІу сегІаз а, кхерча чуьра богуш болу кІора а биллина, сихонца халкъана тІе а вахана, ахьа царна тІера къинош дІадахаран Іадат кхочушдан деза, хІунда аьлча Везачу Элера оьгІазло схьаяьлла, халкъана цамгаран ун кхетийтина». Хаза хьожа йогІу хІума санна, сан доІа Хьуна хьалха хуьлийла, куьйгаш аса айар Хьуна доккху суьйренан сагІа санна хуьлийла. ТІаккха, Цо и тептар караэцча, диъ дийнат а, ткъе виъ къано а Іахарна хьалха охьавуьйжира. Цаьргахь хІорангахь а мерз-пондарш а, дашо боганаш а дара. И боганаш хаза хьожа йогІучу хІуманах дуьзна дара. Боганаш чохь дерш Делан долахь болчеран доІанаш дара. Цо пхоьалгІа мухІар дІадаьккхича, сагІа доккхучу кхерчана бухахь Делан дош кхайкхор бахьанехь а, цара до тоьшаллаш лардар бахьанехь а дайина хилла синош гира суна.
Выбор основного перевода