Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
стигалшкахь а, лаьттахь а, эхартахь а берш Іийсан цІе лоруш, гора а хІиттина, суждане бахийтархьама а, И цхьаъ бен вац Іожалла тІейогІур йоцург. Цхьа а адам тІекхочийла доцучу нуьрехь Іаш ву Иза. Цхьанна а адамна Иза гина а вац, цхьанна а адамна Иза гойла а дац. Цунна ду сийдар а, абаден олалла а. Амин. Цо вайх динан дайн пачхьалкх йина, Шен Да волчу Далла хьалха вайга гІуллакх дайтархьама. Сийлалла а, нуьцкъалалла а хуьлийла Цуьнан ерриг а тІейогІучу заманна. Амин. Цу сохьта суна тІе Делан Са доьссира. ТІаккха суна гира стигалахь лаьтташ йолу Делан Іарш, шена тІехь охьахиъна Верг а волуш. Цу дийнаташа Іаршана тІе хиъна волчу, ерриг а тІейогІучу заманна а вехаш Волчун сийдеш, Иза ваз а веш, баркаллаш мосазза олу а, ТІаккха Іаршана тІехь охьахиъна Іаш Волчун аьтту куьйгахь хьарчийна тептар гира суна. Цу хьарчийначу тептаран шинна а агІор йозанаш дара. И тептар, ворхІ мухІар а тоьхна, дІакъевлина дара. Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тІе а эгий, дІахьулдейша тхо Іарша тІехь хиъна Волчунна гарх а, Іахаран таІзарх а. Цара айдинчу озаца бохура: «КІелхьардовлар ду Іаршана тІе хиъна Іаш волчу Делера а, Іахарера а!»
Выбор основного перевода