Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шу Сан деза халкъ а хир ду, динан дайн пачхьалкх а хир ю“. Муса! Ас аьлла и дешнаш Исраилан халкъе ахь дІахаийта». Ткъа шух Везачу Элан динан дай эр ду, вайн Далла гІуллакх деш берш аьлла, цІе йоккхур ю. Халкъийн хьоло кхобур ду шу, церан дозаллех аш куралла йийр ю. Шу шаьш а ду дийна тІулгаш. Шайх синан цІа дайта, цу чохь динан дай хилархьама, Дала леррина къобалвинчу Іийсагахула Далла лууш долу синан сагІанаш даха. Амма шу къастийна тайпа ду, Паччахьан лаамехь болу динан дай, деза халкъ, Делан долахь дерш, боданера Шен исбаьхьчу серлоне Кхайкхинчун сийлахьчу гІуллакхех лаьцна шуьга дийцийтархьама. Цо вайх динан дайн пачхьалкх йина, Шен Да волчу Далла хьалха вайга гІуллакх дайтархьама. Сийлалла а, нуьцкъалалла а хуьлийла Цуьнан ерриг а тІейогІучу заманна. Амин. Декъала а, Дала даздина а ду-кх оцу нах беллачуьра дуьххьара денбаларехь дакъалоцу долу адамаш. ШолгІачу даларан олаллехь дац уьш. И нах Делан а, Дала леррина Къобалвинчун а динан дай хир бу. Цара цхьана эзар шарахь Цуьнца паччахьалла дийр ду.
Выбор основного перевода