Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хаза хьожа йогІу хІума санна, сан доІа Хьуна хьалха хуьлийла, куьйгаш аса айар Хьуна доккху суьйренан сагІа санна хуьлийла. ТІаккха кхин а цхьа малик деара. Цуьнан карахь хаза хьожа йогІу хІума чуюьллу дашо яй бара. И малик сагІа доккхучу кхерчана хьалха дІахІоьттира. Иштта алссам хьожа йогІу хІума а елира оцу малике. Иза елира, Делан долахь болчу массеран а доІанашца цхьаьна, Делан Іаршана хьалха лаьтташ болчу сагІа доккхучу дашо кхерчана тІе Далла лерина долчу сагІина охьайиллархьама. ТІаккха оцу хьожа йогІучу хІуманах баьлла кІур Делан долахь болчеран доІанашца цхьаьна маликан карара Далла хьалха хьалабахара.
Выбор основного перевода