Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дарцана юкъахь диъ дийнат санна хІума яра. ДІахьаьжча, церан кеп адамийн сибатах тера яра. Цу дийнаташа Іаршана тІе хиъна волчу, ерриг а тІейогІучу заманна а вехаш Волчун сийдеш, Иза ваз а веш, баркаллаш мосазза олу а, и ткъе виъ къано Іаршана тІехь хиъна Волчунна хьалха охьа а вужий, ерриг а тІейогІучу заманна вехаш Волчунна суждане воьду. Цара, шайн таьжнаш Іаршана хьалха охьа а дохкуш, олу: ТІаккха ткъе виъ къано а, диъ дийнат а Іаршана тІехиъна Іаш волчу Далла хьалха суждане дахара. Цара бохура: «Амин! Хастам бу Далла!» Іаршана тІе хиъна Волчо элира: «ХІинца Ас массо а хІума керла кхуллур ду». ТІаккха Цо элира: «ДІаязде иза, хІунда аьлча хІара дешнаш тешаме а, билггал бакъ а ду».
Выбор основного перевода