Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Ала Цунна керла илли: говза лакха Цунна, воккхаверан аз айдеш. Тхайн Далла хастамаш беш йолу керла эшар йиллира Цо сан бага. Дукхахберш, иза а гина, ларамах буьзна а хир бу, Везачу Элах тешна а хир бу. Везачу Элана керла эшар лакха. Хастам бу Цунна лаьттан йистошкара! Хастам бе Цунна аш, хІорда тІехула леларш, хІорда чуьра дерриг а дийнаташ, хІордан йистера мехкаш а, царна тІехь Іаш берш а. Сема а, ларлуш а хила. Іуьно Іалашбо бажа санна, Дала Шен КІентан цІийца яьккхина йолу, Делан Сино шайга елла йолу Іийсах тешачу нехан тоба Іалашъе. ХІунда аьлча, беза мах а белла, эцна ду шу. Цундела шайн догІмашца Делан сий делаш! Гезарийн а, эсийн а цІий доцуш, Шен цІий а Іанийна, цкъа Делан цІийнан уггар езачу чоьнна чу а вахана, гуттаренна а вайна паргІатдовлар даьккхина Цо. «Хьакъ долуш ву Хьо, тхан Веза Эла волу Дела, сийлалла а, ларам а, ницкъ а дІаэца. ХІунда аьлча Ахь кхоьллина ду дерриг а. И дерриг а Хьан лаамца долуш а ду, кхоьллина а ду».
Выбор основного перевода