Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хьо къона лом ду, ЯхІуд. Талла ваханчуьра вогІу хьо, сан кІант. СадаІа лаьтта дижина лом санна ву хьо, мила ваьхьар ву хьуна новкъарло ян? Паччахьан дарж ЯхІудах дер дац, цуьнан тІаьхьенан карахь гуттар а хир ю олалла гойтуш йолу гІаж, иза Шилун-гІала дІакхаччалц а, халкъаш цунна муьтІахь хиллалц а. Юшайн юьхках зІийдаг хьалаер ю, цуьнан орамех га схьадер ду. Оцу дийнахь Юшайн орамах схьаваьлла стаг, кхечу халкъашна байракх санна, гучувер ву. Кхечу къаьмнех болчара иза лоьхуш хир ву, ткъа иза Іаш волу меттиг сийлалла хир ю. ХІара ду шуна Дала леррина къобалвинчу Іийсан схьаваларх лаьцна долу дІаяздинарг. Иза Даудах схьаваьлла, ткъа Дауд ИбрахІиман тІаьхьенах хилла. ЕшаІ-ЯхІу-пайхамаро а иштта боху: «Юшайн тІаьхьенах цхьаъ гучувер ву. Иза къаьмнашна тІехь олалла дан гІоттур ву, ткъа уьш цунах дегайовхо йолуш хир бу». Хууш ду, вайн Веза Эла ЯхІудан тайпанах схьаваьлла хилар. Ткъа Мусас хІумма а ца аьлла цу тайпанах болчу динан дайх лаьцна. «Аса, Іийсас, Сайн малик дахийтина динан тобанашкахь долчу шуьга оцу хІуманех лаьцна хаам байта. Со ву Даудан Орам а, ТІаьхье а, Іуьйренан сирла Седа а».
Выбор основного перевода