Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
„Соьгахь къайладаьккхина-м дац те иза? – боху Везачу Эло. – ХІуманаш латточу Сан чоьнаш чохь-м дац те иза дІакъевлина? ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Ткъа хІинца Везачу Эло бохучуьнга ладогІа! Суна гира, Веза Эла Шен Іаршана тІе охьахиъна Іаш, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агІор. ТІаккха Мика-ЯхІу-пайхамаро элира: «Ткъа хІинца Везачу Эло бохучуьнга ладогІа! Суна гира, Веза Эла Шен Іаршана тІе охьахиъна хилар, ткъа стигаларчу гуламан массо а декъашхой Цунна уллохь лаьттара – Цуьнан аьтту а, аьрру а агІор. Массо а халкъашна тІехь Паччахь ву Дела. Шен езачу Іаршехь охьахиъна ву Дела. Іузи-ЯхІу-паччахь веллачу шарахь лекхачу а, айаделлачу а Іаршна тІехь охьахиъна Іаш волу Хьалдолу Эла гира суна. Цуьнан обанан йистоша дерриг а Делан цІа хьаладуьзнера. Делера болу муьлхха а хаам шуна мухІар тоьхна тептар санна хир бу. Оцу тайпанара тептар деша хуучуьнга дІа а лой, олу: «Деша иза», амма цо жоп ло: «Ца дешало соьга, хІунда аьлча и тептар мухІар тоьхна ду». Церан кортошна тІехуларчу нартолна тІехула саппир олучу безачу тІулгах йинчу Іаршах тера хІума яра. Цу тІехь адаман сибатехь волу цхьаъ Іаш волуш санна хетара. Суна гира гІодаюкъара дуьйна хьала, шена чуьра схьайолу цІеран алу санна, иза лепачу цІастанах тера хилар. Ткъа гІодаюкъана охьа а цІе летта лепаш санна йолу хІума гира суна. ТІаккха суна сайга схьакховдийна долу куьг гира, цу куьйгахь хьарчийна тептар дара. Цо и тептар суна хьалха схьадаьстира: оцу тептаран шинна а агІонна тІехь тийжарийн а, белхарийн а, узарийн а дешнаш дара яздина. Ткъа ахьа, Даниала, хІара дешнаш къайладаха, чаккхенан зама тІеяллалц кху тептарна мухІар а тохий. Дукхахболчара иза доьшур ду, тІаккха хаарш алсамдевр ду». Цу сохьта суна тІе Делан Са доьссира. ТІаккха суна гира стигалахь лаьтташ йолу Делан Іарш, шена тІехь охьахиъна Верг а волуш. Іахаро Іаршана тІе хиъна Волчун аьтту куьйгара и тептар схьаийцира. Стигалахь а, лаьттахь а, лаьттана бухахь а, хІорда тІехь а Дала кхоьллинчу хІора хІумано а – царна чохь долчу массо хІумано а – олуш хезира суна: «Хастам, ларам, сийлалла, олалла ерриг а тІейогІучу заманна хуьлийла Іаршана тІехь хиъна Волчун а, Іахаран а». Цара лаьмнашка а, тархашка а бохура: «Тхуна тІе а эгий, дІахьулдейша тхо Іарша тІехь хиъна Волчунна гарх а, Іахаран таІзарх а. Цара айдинчу озаца бохура: «КІелхьардовлар ду Іаршана тІе хиъна Іаш волчу Делера а, Іахарера а!» Цундела уьш Делан олаллин гІантана хьалха лаьтташ бу хІинца. Цара дийнаххьий, буьйсанний Делан цІа чохь $Далла гІуллакх до. Іарша тІе охьахиъна Верг цаьрца цхьаьна а Іийр ву, Цо уьш лар а бийр бу. ТІаккха ткъе виъ къано а, диъ дийнат а Іаршана тІехиъна Іаш волчу Далла хьалха суждане дахара. Цара бохура: «Амин! Хастам бу Далла!»
Выбор основного перевода