8
Хьуна гина долу и экха цкъа мацах дийна дара, ткъа хІинца делла. Амма иза кхин цкъа а, бух боцучу Іин чуьра хьала а даьлла, шен хІаллакьхиларна тІедогІур ду. ТІаккха, хІара дуьне кхуллуш дуьйна а шайн цІераш дахаран тептар тІе дІаязйина а йоцуш, лаьттахь бехарш, и экха шайна гича, цецбевр бу. ХІунда аьлча иза цкъа дийна а хилла, тІаккха делла, амма юха, ден а делла, схьадогІур ду.