Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Нагахь динан ден йоІ нахаца лелахь, цо шен да сийсазвоккху. ЦІергахь яго еза иза. И хІуманаш ахьа лелорна, Ас хьуна безна болу а, хьоьца лелла болу а берриге безарш а, хьуна ца безнарш а массо а маьІІера схьагулбийр бу. Царна хьалха хьан духарш охьадохур ду Ас, ткъа царна хьо ма-ярра ерзина дІагур ю. Ас дІалур ю хьо хьайн безарийн кара, тІаккха дохор ду хьан кхахьпаллин цІенош, дІасакхуьйсур ю хьан цІушна Іамал ян меттигаш а. Цара хьуна тІера бедарш дІайохур ю, хьан жовхІарш дІадохур ду, ткъа хьо ма-ярра ерзина юьтур ю. Хьолана юкъа а яхана, шен сийлалла хьала а даьккхина, иза Іийна хиларе терра, аша а оццул баланехь а, гІайгІанехь а хилийта иза. ХІунда аьлча цо шен дагахь боху: „Со паччахь хилла Іаш ю. Со йисина Іаш ерг яц. Со цкъа а хир яц гІайгІане!“ Цундела цхьана дийнахь богІур бу цунна тІе цуьнан баланаш: ялар а, гІайгІане хилар а, мацалла а. И гІала цІергахь йогур ю, хІунда аьлча ницкъ болуш ву цунна кхел йо Веза Дела».
Выбор основного перевода