Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Бавел Везачу Элан карахь дашо кад бара, дерриг а дуьне дахош болу. Къаьмнаша чагІар молура цу кеда чуьра, ткъа цул тІаьхьа, кхетам чуьра а довлий, лелара уьш. Хьо Делан Іедан-бешахь вара, хьан бедарш тайп-тайпанарчу дезачу тІулгашца кечйина яра: рубинца а, топазца а, алмазца а, хризолитца а, ониксца а, ясписца а, саппирца а, карбункулца а, изумрудца а. Церан гураш хьуна тІехь говза а, хаза а деших дина дара. И дерриг а хьо кхоьллинчу дийнахь хьуна кечдина дара. адамашна цо гІело а ца яхь, иштта ша юхалург деллачу ахчанна закъалтана делларг дІа а лахь, цо къола а ца дахь, мецачунна яа хІума а лахь, тІехь хІума йоцуш висинчунна тІеюха хІума а цо лахь, Цо кхечарна динчу гІуллакхашка хьажжий, дІадекхалаш цунна! Цо шайна динчунна дуьхьал шозза а дІадекхалаш цунна. Цо шайна чагІар кечдинчу кедахь цул шозза дукха чагІар кечде аша цунна. цара эр ду: «Къа ду хьан, ва йоккха гІала! Дуткъачу а, таьІна-цІечу а, цІарула-цІечу а кІадийн бедарш тІеюьйхира ахь. Дешин хІуманашца а, дезачу тІулгашца а, жовхІаршца а кечйора хьо.
Выбор основного перевода