Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Делан Са суна тІе доьссича, цу малико со яьссачу аренга вигира. Цигахь суна зуда гира. Иза цІечу экханна тІехиъна яра. Цу экханна тІехь массанхьа а Дела сийсазвеш йолу цІераш а яра, цуьнан ворхІ корта а, итт маІа а яра. Зудчун хьаьжа тІе язйина къайлаха маьІна долу цІе яра: «Йоккха Бавел-гІала сийсаза лелачеран а, лаьттарчу вас еш долчу гІуллакхийн а нана ю», – аьлла. Кхузахь хьекъалх буьзна кхетам оьшу. ВорхІ корта – иза зуда тІехиъна болу ворхІ гу бу.
Выбор основного перевода