Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цул тІаьхьа, къемате ирча а, чІогІа онда а долуш, доьалгІа экха а гира суна буса дуьхьалхІиттинчу суьрташкахь. Цуьнан, яккхий а йолуш, аьчка цергаш яра. Цо шен мостагІий дІакхоллура, ткъа йиснарг когашца хьошура. Иза вукхарал къаьсташ а дара, цуьнан итт маІа а яра. Цхьаьнгге а цхьана а кепара шаьш ле ма дайталаш, хІунда аьлча адам, Іеса а даьлла, Далла дуьхьал эргІаддаьлча а, хІаллакьхиларна лерина волу а, зуламех кхачам хиллал вуьзна волу а цхьа стаг гучуваьлчий бен, и де тІедогІур доцу дела. «Дела» аьлла, цІе йоккхучу а, адамаша Іибадат дечу а массо а хІуманна дуьхьалвер ву и стаг, царал ша лакха а воккхуш. Делан цІа чохь, ша дела ву бохуш, охьахуур ву иза. Кхин а цхьана билгалонан сурт а хІоьттира стигалахь. Боккха цІен саьрмик гучубелира. Цуьнан ворхІ корта а бара, итт маІа а яра, хІора коьрта тІехь таж а дара. Ткъа и зуда яьссачу аренга дІаедира. Цигахь, цхьа эзар ши бІе кхузткъа дийнахь цу зудчун дола дайтархьама, Дала цунна меттиг кечйинера.
Выбор основного перевода