Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
„ХІара яц ткъа аса олалла дечу хенахь сайн цІе яккхийтархьама, сайн нуьцкъаллица сан пачхьалкхан цІа хилийта йина йолу Бавел-гІала!“ Набухди-Нецарна тІехь и дош цу сохьта кхочушхилира. Адамех дІакъастийра иза. Бежано санна, бецаш юура цо. Цуьнан дегІ стигалара тхино тІундора. Цуьнан чоьш дахделлера, аьрзун пелагаш санна. Цуьнан, олхазаран санна, мІараш яра». Къайлаха долу зулам хІинцале а къахьоьгуш ду. Амма хІинца а иза сецош волчо кхин дІа а сецор ву, новкъара иза Дала дІаваккхалц. Кхин а цхьа малик цуьнан лорах дІадахара. Цо бохура: «Ма хІаллакьхили иза! ХІаллак а хилла, дІаели йоккха Бавел-гІала. Ша сийсаза леларна, Дела дарвеш волу чагІар малийна цо массо а халкъашна».
Выбор основного перевода