Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Дуьненан паччахьаш цхьаьнакхеташ бу, лаьттан куьйгалхой вовшех дагабуьйлуш бу, Везачу Элана дуьхьал а бевлла, Цо къобалвинчунна новкъарло йо цара. Цийон-лам шен локхаллица хаза бу, дуьненан хазахетар а иза бу. Цуьнан къилбаседехьа агІор сийлахьчу Паччахьан гІала ю. Йоккха гІала кхаа декъе екъаелира. Ткъа кхечу къаьмнийн гІаланаш хІаллакьхилира. Йоккха Бавел-гІала Шена дагахь йолу дела, Дала таІзар дира цунна. Дала Шен кеда чуьра Шен оьгІазечу дераллин чагІар дІамалийтира цуьнга.
Выбор основного перевода