Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Хийрачу мехкашкара нах карзах хІунда буьйлу? Цахиндерг халкъаша дага хІунда лаьцна? Везачу Эло буьрса а, доккха а Эпрат-хи хоьцур ду цунна тІе – иза берриг а шен ницкъаца волу Ашур-мехкан паччахь хир ву. И хи, шен дерриге а хоршара ара а даьлла, массо а бердаш тІе дер ду. Цара, керла эшар а локхуш, бохура: «Хьакъ долуш ву Хьо, и тептар схьа а эцна, цу тІера мухІарш дІадаха, хІунда аьлча Хьо вийна вара. ХІора тайпанашна а, меттанашна а, хІора халкъана а, къомана а тІера Делан дуьхьа Хьайн цІий Іанорца адамашна тІера мах дІабелира Ахьа. ХІордан гІамар тІехь хІоьттина Іара и саьрмик. Суна хІорда чуьра схьадолуш долу цхьа экха гира. Цуьнан ворхІ корта а бара, итт маІа а яра. МаІаш тІехь итт таж дара. Цуьнан кортош тІехь Дела сийсазвеш йолу цІераш яра.
Выбор основного перевода