Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Матфея
Параллельные места
«Со хьоьжучу хенахь паччахьан гІанташ дІахІиттийра. Цу гІантех цхьанна тІе Хенара Къано охьахиира. Цуьнан духар, ло санна, кІайн дара, ткъа Цуьнан коьртара месаш цІеначу кхакхана тІера чоьш санна яра. Иза тІехиъна гІант цІеран алу санна дара, цуьнан чкъургаш летта цІе яра. Цуьнан дегІ, жовхІар санна, къегаш дара. Цуьнан юьхь, стелахаьштиг санна, къегара. БІаьргаш бара цуьнан богуш болу къуьданаш санна. Цуьнан куьйгаш а, когаш а къегачу цІестан суьртехь дара. Цуьнан къамел адамийн тобанан аз санна дара. Цигахь, царна хьалххахь, Дала Цуьнан амат хийцира. Іийсан юьхь, малх санна, къегаш яра, Цуьнан бедарш бІаьрган нур дойуш кІайн яра. Цунна тІера духар бІаьрг тІе а ца хІуттуш кІайделира, хІокху лаьтта тІехь хІуманаш юьттучу цхьана а стага кІайдийр доцучу тайпана. ДоІа дечу хенахь Цуьнан юьхь цІеххьана хийцаелира, духар чІогІа кІайделира, тІехь бІаьрг ца сацалуш. Цу хенахь Маремана, тІехь кІайн хІуманаш а йолуш, хиъна Іаш ши малик гира: царах цхьаъ коьртехь, важа когашкахь дара Іийса охьавиллина хиллачу меттехь. Мурдаш леррина стигала хьоьжуш лаьттара Иза хьалахьочу хенахь. ЦІеххьана царна хьалха кІайн духар тІехь долу ши стаг дІахІоьттира.
От Матфея
Выбор основного перевода