Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Матфея
Параллельные места
ТІаккха Везачу Элан геланча волчу Хьагайс Везачу Элера болу хІара хаам бира халкъе: «„Со шуьца ву!“ – боху Везачу Эло». И асаран буц дІайийна волу мостагІа иблис санна ву. Ткъа ялта хьокху хан – иза дуьненан тІаьхьара зама ю. Маьрсахой маликаш санна бу. Иштта хир ду дуьненан тІаьхьарчу заманчохь. Маликаша, схьа а даьхкина, вониш дикачарах дІа а къастийна, ХІунда аьлча шиъ-кхоъ стаг Сан цІарах вовшахкхетахь, цаьрца Со а хир ву». Іийса Зайт-диттийн лам тІехь хиъна Іачу хенахь, Цуьнан мурдаш Цунна тІебаьхкира. Уьш Іийсаца шаьш бисча, цара хаьттира: «Алахьара Ахьа, иза маца хир ду? Хьо схьаваран а, дуьненан тІаьхьарчу заманан а билгало муха хир ю?» Іийсас элира цуьнга: «Нагахь стагана Со везахь, цо Сан дош лардийр ду. Сан Дена иза везар ву, ткъа Вай и волчу а гІур ду, ваьшна хІусам а йийр ю цигахь. Уьш гуттар а векалийн хьехаме ладугІуш а, вовшех дагабовлуш а, бепиг дохош а, доІанаш деш а бара. ХІунда аьлча Со хьоьца ву, цхьаьнгге а хьуна вон болх а балур бац – кху гІалахь Сан дуккха а нах ма бу», – аьлла.
От Матфея
Выбор основного перевода