Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Матфея
Параллельные места
ТІаккха Юсупа элира: «Суна тІедуьйлийша». Уьш тІебаьхкича, цо элира: «Со аша Мисар-махка воьхкина шун ваша Юсуп ву! Юсупа жоп делира: «Кхера ма кхера. Со Дела ма вац. Амма веллачуьра денвеллачул тІаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со». Цул тІаьхьа, сихха дІа а гІой, Цуьнан мурдашка дІадийца: „Иза веллачуьра денвелла. Галилай-махка Иза шул хьалха дІакхочур ву. Цигахь шуна Иза гур а ву“. Иштта ду шуна соьгара дош». Іийсас тІе-ма-диллара, Галилай-махкарчу лам тІе дІавахара цхьайтта мурд. «Амма веллачуьра денвеллачул тІаьхьа Галилай-махка шул хьалха кхочур ву Со». ТІаккха Іийсас элира Мареме: «Сацалахь, Сох кхин хьакха ма лолахь, хІунда аьлча Со хІинца а Сайн Да волчу хьала ца ваьлла. Сан вежаршна тІе а гІой, ахьа цаьрга ала: „Сайн Дена а, шун Дена а тІе а, Сайн Далла а, шун Далла а тІе хьалаволу Со“». Цул тІаьхьа Тхьабара-хІордан йистехь Іийсас юха а Шен мурдашна гайтира Ша. Иштта гайтира Іийсас Ша цигахь. Цу хенахь ШамІа-Кипа а, ТІама а, шех Шалавинарг олуш волу, Галилай-махкара Кхана-юьртара НатунаІил а, Зевадин кІентий а, Іийсан мурдех волу кхин шиъ а – уьш цхьаьна бара. ШамІа-Кипас элира цаьрга: «Со чІерий леца воьду». Вукхара элира цуьнга: «Тхо а догІу хьоьца». Ара а бевлла, хинкеман чу хевшира уьш, амма цу буса цара хІумма а ца лецира. Ткъа Іуьйре тІейогІучу хенахь Іийса бердан йисте дІахІоьттира, амма мурдашна ца хаьара, Иза Іийса вуйла. Іийсас элира цаьрга: «ДоттагІий, чІерий дуй шуьгахь?» Цара жоп делира: «Дац», – аьлла. Ткъа Іийсас элира цаьрга: «Шайн чІерий лоцу бой хинкеманан аьтту агІор чутаса, тІаккха карор ду шуна чІерий». Цара бой чутесира, тІаккха чІерий тІех дукха лаьцна хиларна, и бой хьала ца яккхалора цаьрга. ТІаккха Іийсана къаьсттина дукха везна волчу мурдо Кипе элира: «ХІара Веза Эла ву». Ткъа ШамІа-Кипа, иза Веза Эла ву аьлла шена хезча, шен коч юкъах а йихкина, ша гІодаюккъалц верзина волу дела, сихха хи чу иккхира. Ткъа важа мурдаш, хинкеманна тІехь, шайна тІаьхьа чІерашца йолу бой а текхош, хІордан йисте кхечира, уьш болчуьра хІордан йисте кхача, ши бІе дол хиллал бен юкъ йоцу дела. Мурдашна, хинкеманна тІера шаьш лаьтта охьабиссича, йогуш кІоран алу а йолуш, цунна тІехь чІерий а, юххехь бепиг а гира. Іийсас элира цаьрга: «Шаьш хІинца лаьцначу чІерех цхьадерш схьада кхуза». ШамІа-Кипас, хинкеман чу ваьлла, шена чохь юьззина даккхий чІерий долу бой хІорд чуьра лаьтта схьаозийра. Берриг а чІара бІе шовзткъе кхойтта бара. Уьш оццул дукха доллушехь, чІерий лоцу бой ца етІира. Іийсас элира цаьрга: «Схьадуьйла, хІума яа шайна». Ткъа мурдех цхьа а ца ваьхьара Цуьнга хатта: «Хьо мила ву?» Мурдашна хаьара, Иза Веза Эла вуйла. Іийсас, тІе а вахана, бепиг схьа а эцна, мурдашка дІаделира, тІаккха чІара а дІакховдийра. Веллачуьра денвеллачул тІаьхьа Іийсас иштта кхозлагІа а Шен мурдашна гайтира Ша. Уьш яа хІума йиина бевлча, ШамІа-Кипе Іийсас элира: «Яхьъян кІант ШамІа! Царначул сов кІорггера везий те хьуна Со?» Кипас элира: «ХІаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». ТІаккха Іийсас элира Кипе: «Сан Іахарий дажаде ахьа». ТІаккха юха шозлагІа а элира Іийсас Кипе: «Яхьъян кІант ШамІа, кІорггера везий те хьуна Со?» Кипас жоп делира: «ХІаъ, Веза Эла, Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Іийсас элира цуьнга: «Сан уьстагІийн Іу хила хьо». КхозлагІа а элира Іийсас: «Яхьъян кІант ШамІа, везий те хьуна Со?» Кипина халахийтира, шега Іийсас кхозлагІа а хаьттича: «Везий те хьуна Со?» – аьлла. ТІаккха Кипас элира Цуьнга: «Веза Эла, Хьуна дерриг хаьа. Хьуна хаьа, суна Хьо везий». Іийсас элира Кипе: «Сан уьстагІий дажаде ахьа. Бакъдерг боху Ас хьоьга, хьо къона волчу хенахь, айхьа-хьайн юкъ йоьхкий, хьайна луъучу метте воьдура хьо. Ткъа хьо къанвелча, хьайн куьйгаш дІа а кховдийна, кхечуьнга хьайн юкъ йоьхкуьйтур ю ахьа, хьуна ца луъучу а вуьгур ву хьо». Иштта элира Іийсас Кипе, цо мухачу Іожаллица Дела вазвийр ву дІахоуьйтуш. ТІаккха и аьлла, Іийсас кхин а тІетуьйхира: «Суна тІаьхьахІотта хьо». Кипа юхахьаьжча, цунна гира шена тІаьхьавогІу, Іийсана къаьсттина везна волу мурд. (Езачу суьйренан пхьор дуучу хенахь, Іийсан некха тІе а таьІна Іийна волу а, Цуьнга: «Веза Эла, мила ву Хьуна ямартло ен верг?» – аьлла волу а мурд вара иза.) Иштта, и мурд гина, Кипас элира Іийсага: «Веза Эла, ткъа кхунах хІун хир ду?» Іийсас элира Кипе: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лууш хилча, хьан хІун бала бу цуьнца? Хьо Суна тІаьхьахІотта». Иштта даьржира динан вежаршна юкъахь и «мурд лийр вац» аьлла дешнаш. Ткъа Іийсас иза лийр вац ца аьллера. Іийсас аьллера: «Нагахь Суна, Со юхаваллалц, иза дуьненахь виса лиъча, хьан хІун бала бу цуьнца?» Далла хьалххе дуьйна хаьара, Шен долахь берш муьлш хир бу. Цо билгалдаьккхинера, уьш Шен КІентан вастехь хир бу аьлла, дуккха а болчу динан вежаршна юкъахь Иза дуьххьарлера доьзалхо хилийтархьама. Нах базбеш Верг а, базбеш берш а Цхьаннах схьабевлла бу, цундела Цунна эхь ца хета царах вежарий ала.
От Матфея
Выбор основного перевода