Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Матфея
Параллельные места
Олалла а, сийлалла а, паччахьалла а делира цунна. Массо а къаьмнийн а, халкъийн а, меттанийн а болчу наха цунна Іибадат дира. Цуьнан олалла хедар доцу олалла ду. Цуьнан пачхьалкх цкъа а юхур яц». Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна, ткъа КІант Дена бен ца вевза. Да а ца вевза КІантаний, Цунна Да вовзийта лиъначунний бен. Дерриг а Сан Дас схьаделла Суна. Цхьанна а ца хаьа КІант мила ву, Дена бен, цхьанна а ца хаьа Да мила ву, КІантана бен а, Да гайта КІанта хаьржинчу нахана бен а». Дена Шен КІант веза. Цо массо а хІума Шен КІентан кара дІаделла. Ткъа Іийса хууш вара стигалшкара Шен Дас дерриг а Шен кара деллий а, Ша Делера схьаваьллий а, хІинца Далла тІевоьдий а. ХІунда аьлча массо а адамна тІехь олалла дан бакъо елла Ахь Цунна, Ахьа Шена беллачарна массарна а Хьо волчохь хедар доцу дахар Цуьнга далийтархьама. Ша леррина Къобалвинчунна чохь лелийтира Дала. Иза, веллачуьра ден а вина, стигалшкахь Шена аьтту агІор охьахаийра Цо. Цо Иза охьахаийна, стигаларчу массо а хьаькамел а, куьйгалхойл а, ницкъел а, олахойл а лакхара а вина, муьлхха а кху заманчохь йоккхуш йолчу цІарал лакхара вина ца Іаш, массо а хин йолчу заманашкахь йоккхур йолчу цІарал лакхара а вина. Шадерг Цуьнан когашка а диллина, Иза Дала динан ерриге а тобанна веллера, массо а хІуманна тІехь коьртаниг хилийта. Цундела Дала Иза вазвира, уггар а лакхарчу даржехь Иза дІа а хІоттийна, стигалшкахь а, лаьттахь а, эхартахь а берш Іийсан цІе лоруш, гора а хІиттина, суждане бахийтархьама а, Іийса, стигала хьала а ваьлла, Далла аьтту агІор Іаш ву. Цо бохург деш ду маликаш а, стигалара ницкъаш а.
От Матфея
Выбор основного перевода