Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
От Матфея
Параллельные места
И аьлла, Марем юхахьаьжча, лаьтташ волу Іийса гира цунна. Маремана ца хаьара Иза Іийса вуйла. Іийсас элира цуьнга: «Зуда, хьо хІунда йоьлху? Ахьа мила лоьху?» Ткъа Марема, Иза бешахо ву моттаделла, элира Цуьнга: «Сан ваша, Иза ахьа дІаваьхьнехь, алахь соьга, ахьа Иза мича охьавиллина, аса Иза схьаоьцур вара». Іийсас элира цуьнга: «Марем!» Ткъа Марема, юха а йирзина, арамхойн маттахь элира Цуьнга: «Раббуни!» (иза «Устаз» бохург ду). ТІаккха Іийсас элира Мареме: «Сацалахь, Сох кхин хьакха ма лолахь, хІунда аьлча Со хІинца а Сайн Да волчу хьала ца ваьлла. Сан вежаршна тІе а гІой, ахьа цаьрга ала: „Сайн Дена а, шун Дена а тІе а, Сайн Далла а, шун Далла а тІе хьалаволу Со“». ТІаккха Магдалера Марема, яхана, мурдашка дІахаийтира шена Веза Эла гар а, Цо шега аьлларг а.
От Матфея
Выбор основного перевода