Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Везачу Эло билгалдаьккхинарг дІакхайкхор ду оцу паччахьо, Цо аьлларг иштта ду: «Хьо Сан кІант ву, тахана Хьан Да хили Сох. Ларийша кІант, Иза оьгІаз ца вахийтархьама а, шаьш хІаллак ца дайтархьама а шайн новкъахь. Цуьнан оьгІазвахар цІеххьана чІагІлур ду. Декъала бу Цуьнга шаьш ларбойтурш массо а! Паччахьна хьан хазалла езалур ю. Иза хьан олахо волу дела, хьо Цунна хьалха охьатаІалахь. ШамІа-Кипас жоп делира: «Хьо Дала леррина Къобалвинарг, дийна волчу Делан КІант ву». Амма Іийса вист ца хилира. Динан коьртачу дас Цуьнга элира: «Дийна волчу Делан цІарах тІедуьллу Хьуна: алал тхоьга, Хьо вуй Делан КІант волу Дала леррина Къобалвинарг?» Іийса ларвеш хиллачу тІемалойн хьаькам а, цуьнца цхьаьна хилларш а, шайна латта дегош а, кхин а хилла долу хІуманаш гича, чІогІа кхерабелира. Цара бохура: «Иза бакъонца Делан КІант хилла!» Ткъа Іийса дуьхьал вист а ца хилира, Цо цхьа а жоп ца делира царна. Юха а динан коьртачу дас хаьттира Цуьнга: «Хьо вуй Декъалволчун КІант? Цо леррина Къобалвинарг?» Іийсана дуьхьал лаьтташ волчу тІеман хьаькамо, Цо Шен са иштта дІалуш гича, элира: «И стаг бакъонца Делан КІант вара». Дукхахдолчу адамех жинаш дІакъаьстира: «Хьо Делан КІант ву!» – бохуш, маьхьарий а детташ. Іийсас царна иза ала ца магадора, хІунда аьлча царна хаьара Иза, Дала леррина Къобалвинарг вуйла. Уьш массо а хетта буьйлабелира: «Хьо Делан КІант ву ткъа?» Цо жоп делира: «Аш шаьш а боху-кх Со ву». НатунаІила элира Іийсага: «Рабби! Хьо Делан КІант ву-кх. Хьо ву-кх Исраилан халкъан Паччахь». Мартас жоп делира: «ХІаъ, Веза Эла! Со теша Хьо Дала леррина Къобалвинарг а, дуьнен чу ван везаш волу Делан КІант а вуйла». Уьш схьабогІуш хи тІе кхечира. «Хьажахьа, хІара хи ду, – элира ваьІначо, – стен новкъарло йо суна хих со чекхваккхийта?» Цуьнан синан а, Делан а сибате хьаьжжина, сийлахьчу ницкъаца Иза, Делан КІант ву аьлла, гучуваьккхина вара, Иза веллачуьра денвелла дела. И Делан КІант – вайн Веза Эла, Дала леррина къобалвина Іийса ву.
Выбор основного перевода