Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Церан къамел чекх а ца даьллера, Іийса, Ша царна юкъа а веана: «Машар хуьлда шуьца», – аьлла, вистхилча. Уьш, кхерабелла, дІасевцира, шайна гуш дерг гІаларт ду моьттуш. Ткъа Цо бохура: «Шу кхера хІунда делла? Шеко хІунда йогІу шу дегнаш чу? Хьовсал Сан куьйгашка а, Сан когашка а. ХІара Со ву! Куьг Іоттал Сох, схьахьовсал. ГІалартан дегІ а, даьІахкаш а ца хуьлу, ткъа Сан, шуна ма-гарра, дегІ ду». Иза а аьлла, Цо Шен куьйгаш а, когаш а гайтира.
Выбор основного перевода