Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Шаьшшиъ гІала чукхаьчча, иза волчу гІо, цу гу тІехь доккхуш долчу сагІанах кхетархьама дІавахаза хила а мега шуна иза. Схьагулбелла болу нах хІума яа буьйлалур бац, иза схьаваллалц. Цо сагІа даккхар декъалдаллалц, цига кхайкхинчара а ца йоу хІума. Сихло, иза цига дІавахаза хила а мега шуна». ТІаккха Цо массо а стаг лаьтта охьахаийра. ВорхІ бепиггий, чІерий схьа а эцна, Далла хастам а бина, куьйгаца каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Цо, ткъа цара нахана дІадоькъура иза. Массара а шаьш дуззалц хІума йиира. ТІаьхьайисина йолу яа хІума мурдаша схьагулйича, ворхІ тускар хьаладуьзира. Адамийн тобанна юкъахь виъ эзар стаг вара, зударий, берашший ца лерича а. Нах дІасабевллачул тІаьхьа Іийса, хинкеманна тІе а хиъна, Магдан-гІалина улло дІавахара. ТІаккха оцу нахе лаьтта охьаховша а аьлла, и ворхІ бепиг схьа а эцна, Деле хастаман доІа а дина, бепиг каг а деш, Шен мурдашка кховдадора Іийсас, ткъа вукхара иза нахана доькъура. Иштта масех жимо чІара а бара цаьргахь, уьш а, декъалбина, бекъийтира Іийсас. Наха шаьш буззалц хІума йиира. Дисинчу дакъоша ворхІ тускар дуьзира. Ткъа гулделла адам диъ эзар кхоччуш дара. Цул тІаьхьа Іийсас нах дІабахийтира, ткъа Ша, сихха Шен мурдашца хинкеман тІе а хиъна, ДалманутІа олучу меттигна юххехьа веара. Цара хІума юучу хенахь, Іийсас, бепиг схьа а эцна, доІанца декъал а дина, декъа а декъна, Шен мурдашка дІа а кховдош, элира: «Схьаэца – иза Сан дегІ ду». ХІума яа буьйлалуш Иза бепиг, схьа а эцна, доІанца цунах баркалла а аьлла, декъа а декъна, цаьрга дІакховдо вуьйлира.
Выбор основного перевода