Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Цунах лаьцна хабар ерриг Сири-пачхьалкхехула дІадаьржира. Іийса волчу бāлабора тайп-тайпана цамгарш кхетта болу нах: жинаша хьийзош берш а, лазар догІуш берш а, шен дегІан дола ца далуш берш а. Царна массарна а Цо дарба а дора. Адамийн тоба Шена гуш, Цунна нахах къахетара. Уьш чІогІа гІайгІане а, дуьненах дог диллина, Іу воцу бажа санна, лелаш бара. Шен мурдаш тІе а кхайкхина, Іийсас цаьрга элира: «Суна къахета оцу нахах, хІунда аьлча кхо де а ду уьш Соьца болу, ткъа царна яа хІума яц. Уьш меца дІабахийта Суна ца лаьа, новкъахь уьш мацалла кхин а чІогІа гІел ца балийта».
Выбор основного перевода