Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
Параллельные места
Іийсас лелош долчух лаьцна шена хезча, набахти чохь воллуш волчу Яхьъяс шен мурдаш бахийтира Тибар паччахь волу пхийтталгІа шо долчу хенахь, Понти Пулат ЯхІуд-махкахь мехкан куьйгалхо волуш, ХІарод Галилайхь куьйгалхо волуш, цуьнан ваша Пилап и санна Итурейхь а, Трахонехь а куьйгалхо волуш, ткъа Лусан Абали цІе йолчу меттигехь куьйгалхо волуш, Цу хенахь Яхьъяс бехке вира махкана тІехь куьйгалла деш волу ХІарод, шен вешин зуда ХІародад ялийна аьлла а, кхин а цуьнгара даьлла зуламаш бахьанехь а. ХІарода шегара девллачу зуламашна тІе кхин цхьаъ а туьйхира: цо Яхьъя чувоьллира. хІунда аьлча цу хенахь Яхьъя хІинца а набахти чу воллаза вара. Хьайн вешин зудчуьнца дІа ма вижа. Иза хьайн вешица дІавижар санна ду. Нагахь цхьаъ шен вешин зудчуьнца дІавижахь, цо динарг боьха гІуллакх ду. Шен ваша сийсазвина цо. Бехке долу стаг а, зуда а бераш доцуш хир ду.
Выбор основного перевода