Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ЭлишаІа элира: «Везачу Элан даше ладогІийша! Иштта боху Везачу Эло: „Кхана хІоккху хенахь тоьллачу деман цхьана саьхьан мах цхьа шекхал бен хир бац, ткъа мекхан шина саьхьан мах а хир бу цхьа шекхал. Иза Шамран-гІалин кевнехь духкур ду“». ТІаккха паччахьо шен куьг тІетовжош волчу тІеман хьаькамо Делан стаге элира: «Нагахь Везачу Эло стигалахь кораш даьхча а, хила тарлой те иза?» Вукхо жоп делира: «Хьан бІаьргашна иза гур ду, амма цунах хІумма а ахьа юур яц!» Далла дуьхьал къамелаш а деш, цара бохура: «Яьссачу аренгахь кхача кечлур буй те Деле? Цо тархах тоьхча, хи охьадоладелира, Іовраш санна, шортта хи охьадеара. Амма тхуна кхача балалур буй те Цуьнга? Шен къомана жижиг далалур дуй те Цуьнга?»
Выбор основного перевода