Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Амма Аса боху шуьга, Эли-ЯхІу цкъа веанера шуна. Нахана иза ца вевзинера. Ткъа цара цуьнца шайна луъург лелийнера. Цо санна, Адамийн КІанта а хьоьгур бу бала и нах бахьана долуш». Іийсас жоп делира царна: «ХІаъ, хьалха билггала Эли-ЯхІу-пайхамар ван веза, массо а хІуманна тІехь низам хІотторхьама. Ткъа Адамийн КІантах лаьцна яздина хІунда ду, Цо дуккха а баланаш хьоьгур бу, Иза сийсаз а вийр ву аьлла? Шен мурдашца цхьаьна а висина, царна хьехамаш бархьама. Іийсас олура цаьрга: «Адамийн КІант, нехан кара а велла, вуьйр ву, ткъа кхозлагІчу дийнахь Иза денлур ву». «ЛадогІалаш! Вай Ярушалайме доьлхуш ду, цигахь Адамийн КІант динан коьрта дайн а, Іелам нехан а кара лур ву, тІаккха цара Цунна вен кхел а йийр ю, Иза кхечу къаьмнийн нехан кара дІа а лур ву. Амма и де тІекхачале, дуккха а баланаш лан дезар ду Цуьнан. ХІокху адамийн тІаьхьено эккхор а ву Иза.
Выбор основного перевода