Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
БІаьрзенаш царна ца бевзачу новкъахула дІабуьгур бу Ас, царна ца хууш долчу некъашкахь куьйгалла а дийр ду церан. Боданах царна хьалха серло йийр ю Ас, ситтина некъаш нис а дийр ду. Иза ду Ас церан дуьхьа ден дерг. Уьш дІатосур бац Ас. Везачу Эло боху: «ЛадогІа, къоранаш, хьовса, бІаьрзенаш, са гархьама! «Декъаза ю-кх хьо, Къераз-гІала! Декъаза ю-кх хьо, Бет-Саида-гІала! Шу долчохь хилла долу тамашийна гІуллакхаш Цора-гІалахь а, ЦІадан-гІалахь а хиллехьара, цигара адамаш, тоххарехь дохко а девлла, шайн дохкодовлар гойтуш йолу бедарш тІе а юьйхина, овкъарна тІе охьахевшина хир дара. Цу сохьта и нах Ша дІахецаре а ца хьоьжуш, хинкеманна тІе а хаийтина, Шел хьалха, Іоман дуьхьаларчу берда тІе Бет-Саида-гІала дІабахийтира Іийсас Шен мурдаш. Иза миччанхьа веача а, я ярташка а, я гІаланашка а, адамаша шайн цомгушнаш майданна тІе а балабой, чІогІа доьхура Іийсага, Шен бедаран юьхах мукъана а хьакхадалийтахьара шаьш бохуш. Ткъа Цунах хьакха мел велларг, цамгарх то а лой, дІахІуттура. Векалша, юха а баьхкина, дийцира Іийсана шаьш динчух лаьцна. Уьш а эцна, цаьрца цхьаьна хилархьама, Бет-Саида цІе йолчу гІали юххехьа дІавахара Іийса.
Выбор основного перевода