Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цхьаболчу Іеламчу нахий, парушхоший Іийсага дийхира: «Устаз! Тхуна чІогІа лаьара Ахьа тамашийна гІуллакхийн билгало гойтийла!» Амма Іийсас жоп делира: «Боьха а, телхина а йолу тІаьхье! Тамашийна гІуллакхийн билгалонашка сатуьйсуш ду-кх шу. Цхьа а билгало гур яц шуна, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург. Юнус кхаа дийнаххьий, кхаа бусий боккхачу чІеран кийрахь ма-хиллара, Адамийн КІант а хир ву Лаьттан даг чохь кхаа дийнаххьий, кхаа бусий. Ткъа вукхара Іийса зерхьама дехар дира, стигалара цхьа тамашийна билгало гайта шайна аьлла. Дукха адам дара Іийсана гонах гулделла, тІетеІаш. Иза дийца волавелира: «Телхина ю хІинцалера тІаьхье. Цо доьху тамашийна билгало гайта бохуш, амма царна цхьа а билгало гур яц, Юнус-пайхамарехула гайтинарг йоцург. ТІаккха цара Іийсага элира: «ХІун тамашийначу гІуллакхийн билгало гойту Ахь тхуна, и ган а гина, тхо Хьайх тешийтархьама? ХІун гойтур дара Ахь?
Выбор основного перевода