Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Ша хийисте хьалаваьлча, Іийсана адамийн йоккха тоба гира. Царах къа а хетта, цо царна юккъера цомгуш берш тобира. Суьйре тІееъча, Цуьнан мурдаш тІебаьхкира. Цара элира: «ХІара меттиг яьсса ю. Вайна хан а яьлла. Нах дІабахийта, ярташка а бахана, цаьрга шайна яа хІума эцийта». Ткъа Іийсас элира: «Уьш дІабаха оьшуш дац. Аша лур ю царна яа хІума». Мурдаша Цуьнга элира: «Вайгахь йолу шаерг а пхи хьокхаммий, ши чІарий бен яц». Ткъа Іийсас элира: «Уьш Со волчу схьаял». Цо, нах бай тІе охьа а ховшийна, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора. Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. Цул тІаьхьа, мурдаша тІаьхьайисинчу яа хІуманах шийтта тускар дуьзира. Цигахь яа хІума йиъначарна юккъехь, зударий, берашший доцург, пхи эзар боьрша стаг а вара. Де чаккхенга гІерташ дара, цундела Цуьнан мурдаша, Іийсана тІе а бахана, элира Цуьнга: «ХІара меттиг яьсса а ю, вайна дикка хан а яьлла. Шайна юург а оьцуш, юххерчу ярташка дІабахийтахьа и нах». Амма Іийсас жоп делира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хІума». Ткъа мурдаша элира Цуьнга: «Оха, дахана, массарна а ши бІе динари ахчанах бепиг а эцна, иза дао-м ца деза царна?» ТІаккха Іийсас хаьттира цаьрга: «Маса бепиг ду шуьгахь? ГІой, хьовсал». Бепиг маса ду а хиъна, цара элира: «Тхоьгахь пхи хьокхам а, ши чІара а бу-кх». ТІаккха, и нах берриш а сийначу бай тІе охьаховшабе аьлла, омра дира Іийсас мурдашка. Уьш, бекъа а белла, бІе а, шовзткъе итт а цхьаьна а болуш, охьахевшира. Ткъа Іийсас и пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира. ТІаккха и хьокхамаш дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Вукхара и дакъош адамашна дІадийкъира. ТІаккха и ши чІара а массарна бийкъира Цо. Массара а яа а йиира, уьш буза а буьзира. Кхин а дисинчу баьпкан дакъоша а, бисинчу чІеро а шийтта тускар а дуьзира. Ткъа юуш верг пхи эзар стаг вара. Де суьйренгахьа лестича, Іийсан шийтта векало, тІе а веана, элира Цуьнга: «Адам дІадахийта деза. Луларчу ярташка а, кІотаршка а бахана, шайна дІадийша меттиг а, яа хІума а лохур цара. Вай долу меттиг яьсса ю», – аьлла. ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Аша лур ю царна яа хІума». Векалша жоп делира: «Вайгахь пхи хьокхам, ши чІарий бен бац. ГІой, царна массарна а яа хІума эций оха?» – аьлла. Цигахь гулвелларг пхи эзар гергга стаг вара. Амма Іийсас элира шен мурдашка: «Уьш, бекъа а бекъий, шовзткъе итт-итт стаг волуш тобанашка охьаховшабе», – аьлла. Цуьнан мурдаша Цо ма-баххара массо а охьахаийра. Юха, шайгахь болу пхи хьокхам, ши чІарий схьа а эцна, стигала хьала а хьаьжна, и кхача къобалбеш, доІа дира Іийсас. ТІаккха и хьокхамаш а, чІерий а дакъошка декъа а доькъуш, Шен мурдашка дІакховдадора Цо. Цара и дакъош нахе дІалора. Массара а яа а йиира, массо а вуза а вуьзира. Цул тІаьхьа Іийсан мурдаша схьагулдина дисина дакъош шийтта тускар дуьззина дара.
Выбор основного перевода