Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Іийсас цуьнга элира: «Цхьогалийн а, олхазарийн а чохь Іан баннаш ду, ткъа Адамийн КІентан корта дІатовжо меттиг а яц». Амма Со нахана хьалха дІатеснарг Аса а дІатосур ву Сайн стигаларчу Дена хьалха». «ТІаккха гур ву царна Шен боккхачу ницкъаца а, сийлаллица а мархаш тІехула вогІу Адамийн КІант. амма Со нахана хьалха дІатеснарг Аса а дІатосур ву Делан маликашна хьалха. Делан КІант къобал ца вечу хІораммо а стигалара Да а къобал ца во. Ткъа Делан КІант къобалвечо стигалара Да а къобалво. Суна эхь ца хета хаза кхаъ дІакхайкхо, хІунда аьлча и кхаъ Делан ницкъ бу Іийсах мел тешарг кІелхьарваккха – хьалха жуьгтий, тІаьхьа кхечу къаьмнех болу нах а. Нагахь санна вай баланаш ловш делахь, Цуьнца цхьаьна паччахьалла деш а хир ду вай. Нагахь санна вай Цунах дІакъастахь, тІаккха Иза а вайх дІакъаьстар ву.
Выбор основного перевода