Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Іийсана церан дагахь дерг хаьара. Цо элира куьг заьІап долчу стаге: «Хьала а гІаттий, массарна хьалха дІахІотта». Важа, хьалха а ваьлла, дІахІоьттира. Іийсас, церан дагара хууш, жима бер схьа а эцна, Шена юххе дІа а хІоттийна, Амма Іийсас Ша цхьанна а кІорггера ца вовзуьйтура, хІунда аьлча Цунна уьш берриш бевзаш а бара, церан дегнаш гуш а дара. Цундела Іийсага цхьана а адамах лаьцна тоьшаллаш дан оьшуш дацара. Цунна Шена хаьара адамна чохь дерг. Амма шуна юкъара цхьаберш тешаш бац». ХІунда аьлча Іийсана хьалххе дуьйна а хаьара муьлш бу Шех цатешарш а, Шена тешнабехк хьан бийр бу а.
Выбор основного перевода