Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Цул тІаьхьа Адамийн КІант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Цунах лаьцна а дуьйцу: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагІа ву!“ Амма Делера долу хьекъал бакъдо цунах даьллачу гІуллакхаша». Цул тІаьхьа Адамийн КІант веара. Цо яа а йоура, мала а молура. Аш Цунах: „Хьовсал цу адаме! И юуш ву, молуш ву, ял йоккхучийн а, къинош летийначийн а доттагІа ву“, – олура. Іийсага ладогІа дуккха а адамаш: ял гулъешберш а, къинош летийнарш а тІеоьхура. Парушхой а, Іелам нах а резабоцуш, гІовгІа еш бара: «ХІокху стага къинош летийна адамаш тІе а оьцу, цаьрца хІума а йоу», – бохуш. Йоккха гІовгІа елира. Парушхойх болчу цхьаболчу Іеламчу наха бохура: «Кху стагехь тхуна цхьа а вониг ца карадо. ХІун хаьа, цуьнца жино я малико къамел динийла».
Выбор основного перевода