Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Шен тешам эзарнаш тІаьхьенашкахь латтош волу а, зуламна а, харцонна а, къинна а гечдеш волу а, амма бехк бекхам ца беш ца буьтуш волу а, дайша латийначу къинна берашна а, берийн берашна а кхозлагІчу а, йоьалгІачу а тІаьхьенехь таІзар деш волу а». Хьуна хьалха, Хьуна цхьанна хьалха къа латийна ас, Хьан бІаьргашна хьалха хьарамниг дина, цундела со бехке варехь Хьо нийса а ву, кхел ярехь цІена а ву. Нагахь Ахь, Веза Эла, къинош дІаяздеш хилча, ва Хьалдолу Эла, мила латталур ву те? Амма нахана гечдийриг Хьо волу дела, Хьуна хьалха тхо ларамах дуьзна лаьтта. Со-со ву шун къинош дІадойуш Верг. Ас иза Сайн дуьхьа до. Шун къинош кхин дагадохкуьйтур дац Аса. Юьхьанца Дош дара. И Дош Делехь дара. И Дош Дела дара. Дашах адам а хилира, Иза адамашна юкъахь Іаш а дара. ТІаккха тхуна гира Дас Шен цхьаъ бен воцучу КІантана делла олаллин нур. Иза диканах а, бакъдолчух а вуьзна а вара. Наха жоп делира Іийсана: «Ахьа дина дика гІуллакхаш бахьана долуш детта ца дохку тхо Хьуна тІулгаш, амма Ахьа, Дела сийсаз а веш, Хьуо адам доллушехь, Хьайх Дела варна детта дохку».
Выбор основного перевода