Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
ПирІуно Муса а, АхІарон а схьакхайкхира. Цо цаьрга элира: «Даха а гІой, шайн Везачу Далла Іибадат де. Мила гІур ву шух цига?» «Берриш а гІур бу, – жоп делира Мусас, – жима а, воккха а. Тхайн кІентий а, йоІарий а, тхайн кегий а, даккхий а даьхни а эцна гІур ду тхо, хІунда аьлча Везачу Элана лерина деза де ду тхан». ПирІуно элира: «Шун бераш шуьца дІадахийта со резавелахь, Волуш Волу Дела билггала шуьца хир ву! Гой шуна, вон хІума ду шуна дагахь. Шун Везачу Дала тІе-ма-диллара, шоьтан де ларде, иза Сан дуьхьа дІа а къастош. Ялх дийнахь болх а бе, дерриг а шайн гІуллакхаш а нисде. Ткъа ворхІалгІа де шайн Везачу Далла лерина садоІу де хилийта. Цу дийнахь аша а, шун кІанта а, йоІа а, шун лено а, гІарбашо а, шун стеро а, виро а, шун хьайбанех цхьаммо а, шун гІаланашкахь ваха тІевеана волчо а цхьана а тайпана болх ма бе, хІунда аьлча шу санна шун лено а, гІарбашо а садаІа деза. Ткъа вукхаьрга Цо хаьттира: «Нагахь шун кІант я, масала, сту гІуна чу боьжча, сихха дахана иза хьалабоккхур бац аш, Далла леринчу шоьтан де делахь а?»
Выбор основного перевода