Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
«КІен дама схьа а эций, цунах шийтта бепиг датта, хІора баьпкана цхьа сахь дама хьакхаде. Везачу Элана хьалха гонах цІена деши лаьцначу стоьла тІе шина могІарехь, ялх-ялх а дуьллуш, охьадахка и баьпкаш. ХІора могІарехь хаза хьожа йогІу сегІаз а охьадилла, баьпкан метта Везачу Элана лерина цІера тІехь доккхучу сагІина хир ду иза. Дерриг а бепиг Везачу Элана сагІина дІаделла хиларан билгало хир ю иза. ХІора шоьтан дийнахь исраилхойн метта динан дас Везачу Элана хьалха дахка деза и баьпкаш. Иза гуттаренна а болу барт бу. АхІаронан а, цуьнан кІентийн а хир ду и баьпкаш. Езачу меттехь дуур ду цара уьш, хІунда аьлча Везачу Элана леринчу цІера тІехь даьхначу сагІанех деза сагІа ду иза царна делла долу. Иза гуттаренна а тІедиллина хІума ду». Нуб-гІалара динан да волу Ахьи-Малик волчу кхечира Дауд. Иза шена гича, Ахьи-Малика цецваларца цуьнга хаьттира: «Хьо-хьо хІунда ву? Хьоьца цхьа а хІунда вац?» Дауда цуьнга элира: «Паччахьо цхьа гІуллакх тІедиллина суна. Цо соьга элира: „Цхьанна а ма хаийта хьо хІунда вахийтина ву а, аса хьайна тІедиллинарг а“. Ткъа сайн накъосташца аса барт бина, оха билгалъяьккхинчу меттехь вовшахкхетар ду аьлла. Ткъа хІинца ахьа суна пхи бепиг я хьайн куьйга кІелахь йолу яа хІума яла еза». Динан дас Дауде элира: «Дац сан хьуна дала бепиг, деза бепиг бен. Хьан накъостий тІаьхьарчу хенахь зударех кхетаза белахь, иза дІахьо». Дауда динан дега элира: «Зударий тхоьца ца хилла. ХІоразза а со сайн накъосташца араволучу хенахь, оха Далла хьалха цІеналла лар а йо, тхайна тІедиллинарг кхочуш ца дойту хІума а ца до. Иштта тахана а оха леррина Далла хьалха цІеналла ларйина, тхаьшна тІедиллинарг кхочушдархьама». Динан дас шен кхин бепиг доцу дела, цунна деза бепиг делира. Иза Делан цІа чуьра Везачу Элана хьалха охьадиллина долу бепиг дара. Цу дийнахь цуьнан метта керла бепиг охьадиллина хилла. Хьоьца цхьаьна динан дай болу ЦІадукъа а, Абу-ЯтІари а хир ву. Хьайна паччахьан цІа чохь мел хезнарг цаьрга дІадийца. Цул тІаьхьа цигара дІа а ваьлла, церан гуламан цІа чу вахара Іийса. Цигахь заьІап куьг долу стаг вара. Іийса бехкеван бахьанаш лоьхуш болчу парушхоша Кхуьнга хаьттира: «Товрат тІерачу хьехамаша пурба лой Далла леринчу шоьтан дийнахь нахана дарба дан?» Іийсас цаьрга элира: «Шайн уьстагІ ор чу боьжча, аша иза хьалабоккхур бацара, Далла леринчу шоьтан де делахь а? Ткъа стаг мел веза ву уьстагІал! Далла леринчу шоьтан дийнахь диканиг дан мегар ду». Цомгушчуьнга Іийсас элира: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Цо куьг дІакховдийра. Иза цу сохьта, важа куьг санна, то а делла, дІахІоьттира. Цкъа кхечу шоьтан дийнахь, гуламан цІа чу а веана, нахана хьехам беш вара Іийса. Цигахь аьтту куьг заьІап долуш цхьа стаг вара. Парушхой а, Іелам нах а чІогІа Іийса тергалвеш бара, Далла леринчу шоьтан дийнахь Цо дарба до я ца до хьоьжуш, юха Иза бехке вархьама. Іийсана церан дагахь дерг хаьара. Цо элира куьг заьІап долчу стаге: «Хьала а гІаттий, массарна хьалха дІахІотта». Важа, хьалха а ваьлла, дІахІоьттира. ТІаккха Іийсас элира цаьрга: «Ас хоьтту шуьга: хІун боху бакъоно, Далла леринчу шоьтан дийнахь я дика, я вон хІун дан мегаш ду? Стеган дахар кІелхьардаккха я иза хІаллакдан?» ТІаккха массаьрга а хьаьжна, цхьа а вист ца хилча, Цо элира куьг заьІап долчу стаге: «Схьакховдаде хьайн куьг!» Вукхо куьг схьакховдийра – иза тоделира.
Выбор основного перевода