Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16
Параллельные места
Юха а Іоман берда тІе веара Іийса. Цунна тІе дукха адам деара, ткъа Іийса царна хьехамаш бан волавелира. Цул тІаьхьа Іийса цІа чу вахча, юха а дукха нах гулбелира, ур-атталла юург яа а меттиг ца йолуьйтуш Іийсана а, Цуьнан мурдашна а. Ишттачу кхин а дуккха а дустаршца хьехамаш бора Іийсас – адамаш кхетар долчу тайпана. Іийсас элира цаьрга: «Шуьга са а доІуьйтуш, адам доцучу метте дІадовла вай цхьаьна». ХІунда аьлча уьш болчу меттехь чІогІа дукха нах бара, ур-атталла хІума яа а меттиг ца йолуш.
Выбор основного перевода