Выбор основного перевода
Открыть комментарий или сравнить с другим переводом
Выбор книги основного перевода
1 2 3 4 5 6 7 8 9 10 11 12 13 14 15 16 17 18 19 20 21
Параллельные места
ЭлишаІана тІе БаІал-Шалшера цхьа хьенех веара. Цо Делан стагана шен дуьххьарлерчу ялтин дакъа деанера. Цуьнан тІоьрмаг чохь ткъех мекхан бепиг а, керлачу кІен кенаш а дара. «Уьш нахана дІа а лой, даийта цаьрга», – элира ЭлишаІа. Цуьнан ялхочо элира: «БІе стагана муха лур ю аса хІара?» Амма ЭлишаІа жоп делира: «ДІало ахьа адамашна и рицкъа. Даийта цаьрга и бепиг. Везачу Эло иштта боху: „Уьш юучух бузур а бу, церан кхин а юьсур а ю“». Мурдашна, хинкеманна тІера шаьш лаьтта охьабиссича, йогуш кІоран алу а йолуш, цунна тІехь чІерий а, юххехь бепиг а гира. Іийсас, тІе а вахана, бепиг схьа а эцна, мурдашка дІаделира, тІаккха чІара а дІакховдийра.
Выбор основного перевода